Нохчийн меттан де!
25.04.2020НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН КУЬЙГАЛХОЧО, РОССИН ТУРПАЛХОЧО АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНА, "ненан мотт" боху дешнаш мел к1орга маь1на долуш ду хаарца, 2007-чу шарахь шен омрица оханан беттан 25-г1а де Нохчийн меттан де аьлла д1акхайкхийна вайн махкахь.
Оцу дийно йоккха меттиг д1алаьцна вайн республикин хиламийн дезачу денойн мог1арехь.
НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ХЬАЛХАРЧУ ПРЕЗИДЕНТА, РОССИН ТУРПАЛХОЧО IАБДУЛХЬАМИДАН АХЬМАД-ХЬАЬЖАС даима гергарло леладора нохчийн меттан говзанчашца, 1илманчашца, хьехархошца, яздархошца, царна оьшучу х1уман т1ехь доккха накъосталла дора цо.
Иштта, вайн маттаца гергарло кхин д1а а ч1аг1лахь, и безар вайн дегнаш чохь гуттар а хилахь, вайн кхане сирла а хир ю, т1аьхье беркате а хир ю.
ДАЛА ДЕКЪАЛДОЙЛА ВАЙ НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕЗАЧУ ДЕНЦА!